Нохчийн Меттан Де!
25.04.2019
Тахана нохчийн халкъо даздеш ду уггаре а мехалчу дезденойх цхьаъ - Нохчийн меттан де!
Нохчийн мотт къоман шатайпаналлин масал хилла, дешнашкахула цуьнан мехала культура, ламасташ, ӏадаташ гойтуш схьабогӏуш бу.
Нохчийн мотт чӏогӏа хаза а, хьалдолуш а бу, цуьнан гӏоьнца вайн дайша чӏирхойн барт беш хилла, гергарлонан уьйраш тосуш а, маслаӏат деш а, чӏирйолу мостагӏ дӏатевеш а хилла.
Хӏара башха дезде тӏечӏагӏдина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, нохчийн мотт а, цуьнца цхьаьна нохчийн халкъан хьалдолу культура а, истори а ларъяран, яржоран ӏалашонца.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гӏазот къобалдойла цуьнан!) олура, культура ца хилча, къам а дац. Ткъа муьлххачу а къоман мотт а, культура а вовшашца йоьзна ю.
Машар, ирс, аьтто, беркат, кхиар хуьлийла!